Х1ай хьакхац кхиъна волчуьнан лай хьо мича кхача г1ерташ ву? Хьан дех хилларг гуш дац хьуна? Бусалба дин дуьхьал т1ом беш Далла духьал вахан волу. Цуьнга ма ца дакха делла бусалба дин д1а, йа хьогий дакх лур мадац, Аллах1а Ша Шена т1е лаьцна ма ду ислам дин Ша лардийр ду аьлла.
Хьо тахан хьакхийца хьала кхиъна волчунна муьт1ахь хила г1ерташ хьой кхоьллин Делан духьал ваьлла лелаш ву. Ахь вуьйцаш волу Хьан устаз оцу хьакхарчаш махкахь ваькхин ву хьуна.
Тахан хьо санна шайна муьт1ахь хиллехьара цара иза махках вокхур вацар хьуна, йа д1авиган вуьйр вацар хьуна. Хьай дин доьхкин ахь, хьай мохка бохкин ахь.
Хьо б1е шарахь вахахь а, хьога бусалба дин цхьа тай хада лур дац, амма бакъ ду, нах байа лур бу хьога, бусалба дин нах баларц д1адолуш дац, бусалба дин Къемат де х1отталца лаьттар долуш ду.
Хьо лийр ву, хьан б1о лийр бу. Бусалба дин дуьйсар ду. Бусалба дин д1адаккха, охьата1о мел г1ортий а даьржаш дин ду. Хьан дена моттар ша нохчийчоь бусалба динах ц1ан йира ю, цо мел ц1ан йира гуш ду вайна.
Х1ай хьакханца кхиъначуьнан лай,
Балару бац хьога бусалба динца т1ом.
Хьо санна лайш дукха хилла,
Тахан уьш нахан масалаш хилла кошахь бу.
Цхьана дийнахь хьан каша хира ду нохчий къоман масал.
Т1ех вол-волчо наь1алт а кхайкхош.
В.Заур
Отдел писем