Нохчи муджах1идан эскарна юккъехь

Бекмурзи Мохьмадан Бислан дагалаца

(Бислан дуненчу ваьлла 1980 шеран 18-чу декабрехь. Дела новкъахь кхелхина 2008 шеран 27 октаьбрехь)

Нохчи махка шолаг1а а харцонца т1ом беача г1озотан новкъа х1оьттина Бислан. Т1еман новкъа х1оттина 1999 чу шарахь ИПОН олучу тобана юккъе, хала а къиза а некъ сийлахь волчу АЛЛАХ1а дош лар деш д1а баьхьна Бислана. Т1амехь ша йоккху хенахь чевнаш а хилла, ишта уллера ваша, а дика накъости а кхелхаш халонаш а лайна цо, амма ша ара баьккхина некъаца  юх валар дагахь а доцуш чекх валар а нисс делла. 

Нохчи муджах1идан  эскарна юккъехь г1ар бевла чу муджах1идах а хилла. Г1ар ваьлла ц1ерашца Тумсо, т1аьххьарниг Рашид. Рашид ИПОН  Тобана амир хоьттина 2005 шарахь, уггаре а халачу къизачу меца чу хенахь. Хала хан х1унда хилла аьлча къастина вахьангехь болчарна кхочуш г1о доцуш 1а меттиг ца хуьлуш уггаре а халаниг мостаг1чунна доьхьала герзанца г1ила хиларна, амма цу халонца ша АЛЛАХ1а зуьш вуй а хууш доьналла а майралла а шегара гойтуш Дэьла мостаг1 1адош чекх ваьлла а ву, мостаг1чунгар даьккхинарг бай герз а доцуш арахь ерг бай вижа меттиг а йоцуш.

Цхьа болчарна тамашена хетар ду тахана арахь ерг бай меттиг а йоцуш аьлча х1унда аьлча хьаннашкахь шерашкахь арахь хан йоккху муджах1идаша, амма вахьахь долу хьал хьаннашкахь дерг а цхьа тера ца дог1у, хьаннашкахь вуьжаш а г1оттуш а вежаршна юккъахь  хуьлу цул совнах мостаг1 даимна хьуна гонахь а ца хьула.

Вахьангехь шадерг а вукха аг1ор ду, мостаг1 ву даимна сема гонаха, меттанащ ду наха детташ, вежрий уллехь совца йиш а яц х1унда аьлча шиъ кхоъ стаг цхьана 1а метте мот а тухи мостаг1 вала во, хила нах вахьара д1а боьлхуш г1ар ваьлларг хьала волуш вахьара дехьа ваьлла вац Рашид х1унда аьлча юккъера фронт а йолу дера цигахь ба болх алсам а болу дера.

Хила дуьцу Рашидан т1еман корматаллех лаьцна а цо Дела пурбанца баьхна толамаш а, мостаг1чунна дагахь а доцучу кепара т1е латарш дар, хила и кхелхинакх х1инца аьлла парг1ат ваьлла мостаг1 1ада а веш гонаш юккъара валар а. Буьрсаллица  бевзачу дицаршкахь буьцу нохчи къоман турпал нахана х1умма а т1аьхьа вуссуш вацара Рашид, хьекъал а т1аман г1улкхах кхетар а деллера Дала цунна мостаг1чо мел ларамца кеч дина г1уллакхал а 10 шей даимна хьалха хуьлуш т1емло вара иза.

Хила к1ант хилла Нохчи майра а доьналла долуш а дицича адам тешар а доцуш корматаллица т1ема ло а волуш, дицар хилла д1а а долу дерриге а. Рашид воьвзаш дуккха нах а хилла, воьвзаш лоруш сий деш. Ишта сайна и вовзарна дуьненахь и волуш наха вица ца оьшуш муха к1ант ву хаарна яздо аса Рашидах лаьцна. К1еззиг бай якхнарг хан яцахь а цхьана дика воьвзина суна иза.

Дерриг дицина а вер вац,дагахь дерг дашца вахьа а дилла лур дац амма и муха к1ант хилла кхетам хилайтар хьамма цхьацца х1ума яздо аса. Нохчи коьрта шахьар Джохар-г1ала йийца а ца оьшуш массарна а вайна евзаш ю, тахана цигахь долу хьал а девза массарна а, цу г1алахь болх бина муджах1идашна цигахь йолу халонаш а евза, къаьстина 2005-2006 шераш муха даьхкина а дага дог1а.

Дерриге а дуьне Толамах дог диллина г1али чохь виссина цхьа а доьхьло еш стаг вац бохуш мостаг1чо кхайкхамаш беш а дика дага дог1у вайна, дукха нах мостаг1чуьнгахьа буьлуш цара хуург дуьцуш муджах1идашна т1е 1итта елла халонаш евзаш ю, цу халонах къа хьоьгуш Дела тоба хилар а хаьа вайна.

Оц тобана къаьстина т1аьхь беш болх хилар а хаьа х1унда аьлча дерриг дуьненна т1ом д1а баьлла, маьрша дехаш адам ду бохуш д1а кхуьлуш и йолу дера цигахь динарг лачкъо хала хуьлара царна, цунна цигахь йолу доьхьло йожо г1ертара керста а мунепикъ а.

2006 шо къаьстина хала деанера Рашидана, уллера бевзарш накъости д1а а кхелхина ша виссина лелара иза, тоба а жим еллера, х1ара лоьхуш дерриг 1едал хиларна улле хитта а  дукха нахана ца лаьара. Ишта халонаш т1е 1итта елча вайна  ма  хьаара дукха нах ара бовлура ара ца волуш вверг хьаннащка волура, цхьа берш бохка а лора, Рашидана болх а г1улкх а нис до шаьш шайца сехьа вала бохуш мунепикъ наха хабарш ихойтара, и дерриг а д1а тоттуш кхи некъ хаьржинера цо, толам я  ялсмане шинах цхьаъ даккхар.

Аренгара кхочуш г1о доцуш  ша динарг даьккхинарг бай х1умма а доцуш волу Рашидана вахьа а хиина х1умма а ца деш 1ер ца тарлора, цхьанхьа цхьаъ деш и динарг дицц далале кхечу аг1ор мостаг1 цецц воккхуш лелара иза, тешна бехк ба г1ертарх ямартло я г1ортарх аьтто шай ца болуш мостаг1 а хал чохь вара.

Цу шарахь цунна т1е 1отта делла г1уллакх наха дицарца а доцуш девзаш ду. Цхьана динахь ше эккха х1ума кеч а йина 1уьйранна г1ала цхьана юккъахь и вахьа а йиллина мостаг1чун эскаре хьоьжуш машенахь дехьа а ваьлла ша 1ара Рашид, дукха хан ялале машенахь бог1уш т1е а нис белла уьш  лелхайтина дийна хьаэца дитина х1ума а доцуш цигара парг1ата д1а вахара иза, амма  дог те а ца тина цигахь маьрша нах лелаш шена гина хиларна царна цхьаъ хилам ца хилла те аьлла юха вахара иза.

Ша цига д1а кхаьчча гул делла эскар а гина машенахь дехьа а ваьлла лаьтташ болу нахе кхаа стаге хатта ша аьлла машенахь т1е вахара иза, саца а сецна машенара вахьа а ца вуссуш хаьттира цо оцу нахе. Салам а делла вистхилла кхузахь хилларг х1у ду аьлла хаттар дича жоп делира цунна: 1уьйранна еккхайтар дина кхузахь аьлла, Рашида хаьттира маьрша наххам ца лазайна аьлла? Лазайна бац аьлла жоп делча д1а ваха воллучу кхунга хьай кехаташ гайта элира царех цхьаммо.

Т1е йоьхна маьршачу неха х1уманаш а йолуш лаьтташ берш мунепикъ нах хиларх кхета а кхетта ше кехаташ чохь диссина накъост волчехь хьаэца воьдаш ву ша элира Рашида, х1анх1а хьа гайта хьай кехаташ бохуш г1од юккъера герз а даьккхина машен чу вала г1ерташ карзах вуьлура царех цхьаъ. Кехаташ деза хьуна аьлла хаттар а дина деза аьлча хаьнтера тапча (стечкин) говзаллица сиха хьала а яккхина чура ара а волуш т1ехьа наь1арх чу вала г1ерташ вверг  тхов  т1оьхул чу а кхевдаш шена хилларг х1у ду хаа ле дакъа дина виллира цо, и виллича эскар лаьттачу аг1ор т1е ведира иза царех д1а а ца водуш оцу хенахь букъ т1ехьа герз тухуш а хезна  юха а вирзина хьаьккхина т1е а вахна шолаг1чунна герз тохна иза а виллина кхолаг1чунна т1е герз лецира цо, кхолаг1ниг  вегош хорша еача санна метта вог1ар волуш воци а гина 1адда витина юха вирзина мостаг1и тоба лаьтта чу аг1ор герз а детташ т1е ведира иза, оцу х1уманах цец бевла 1адайна хилларг х1у ду ца хууш т1е дог1арг са оьца малайках тар делла д1аса уьдара уьш. 

1адина чу царех цхьаъ шиъ кхиа лаза а веш царна т1ех велира Рашид. Доьххьара машена уьллехь шолаг1чунна герз тухуш хьалха вахьа виллинчуьна вахьа ихина ц1и чу ког баьккхинера цо, т1аккха мостаг1чунна мотта деллера иза лазина. Шаьш 1адинчура мета баьхкича  го бина д1алецира цара и меттиг, Рашид оцу го юккъехь нисс велира.

Цхьа доьхна ц1енош пен а болуш лаьтташ цу т1ехьа евла яккхай бецаш т1ехьа д1а а хоьттина лаьттара иза. Ше тапчана чохь масс патарма бу хьаьжча 3 карайра цунна, а мостаг1 х1инца герга кхочуш вара. Х1инца кхелхаш ву ша аьлла парг1ат а ваьлла, уьш т1е бахкаре хьоьжура 1ара  х1ара, дика улле баьхкина  кхунна хезаш а болуш д1ас лелаш мостаг1и а болуш ламазана хоьттира иза, делкъа а молхбуза а ламазаш т1е узуш а дина юха ше метте д1а а хоьттина цаьрга хьоьжура х1ара.

Тапчан чохь кхоъ бай патарма а бац д1а ваха хьажа веза со аьлла дага а ца дог1ура Рашидана, царех цхьаъ сехьа ма  ваьллинехь вожа а вина цуьна герз хьа а эцна т1ом бер ша бохуш лаьттара иза, са ца тоьра мостаг1 уллехь д1аса лелаш х1ара волче сехьа ца волуш, дуьцу хабарш хезара: оц т1ехьа хьовси вай, х1ан х1а цу т1ехьам хир вацар иза д1а даха деза вай бохуш.

Д1а дахара г1олем дуй шайна а ма хаьара царна, бала ца лууш шай синош дезаш делахь а Керстанех Делахчулла а ч1ог1а шаьш кхерарна лелаш барии уьшам, вахка вела г1аскхи чуьнга шена: «МОЛОДЕЦ - хороший чечен!», - алайта а лууш делахь а Дэьла лоьмана доьхьал хотта а ца баьхьаш.

Д1аса а хьизина  цигахь вац аьлла шайна и т1е ца 1отта валарх баккхай а беш д1а бахара   уьш цигара. Шена уьш т1е ца 1итта белла дагахь баллам а болуш, герз а даьккхина т1ом бер бара ша цаьрца бохуш цигара д1а Рашид а вахара. Цу т1аьхь д1а а ца дирзира и г1уллукх, ша  1аш волчу юккъа каьчча шеен кет1ахь мунепикъан тоба а цера машенах а б1арг кхитира Рашида, цу юккъера кегирахойх цхьаъ волчу вахара иза.

Х1инцалца х1ара боккъала мила ву ца хууш хиллачу кегийрхошна х1инца воьвзинера х1ара, хьалхам кхо моттайтарехь г1ила массо х1уманах а иза луш адам ду моьттура царна, х1ара шайна вевзича мила ву хиича ч1ог1а цец а бевлера. Цигахь саца дукха йиш а йоцуш, чуьра нана а еана йолу ишта кхи берш а д1а а бигина мунепикъ наха доьхна дог а долуш амма Дала т1е болх а биллина цигара д1а вахара Рашид.

Хиллачу г1улкхана дар белла керста мунепикъ муьлхачу аг1ор дина а цунна зе да г1ертара, машен а кехаташ а кера даханера цуьнна, ваха меттиг а боцуш ша бахьнехь миска нах ца хьиза байта нахе а ца воьдуш 1ара Рашид. Эрначу арахь уьллехь ин са а доцуш д1атесна лаьттачу вагончохь хан яккха дизира цуьнна, муджах1идашца з1аь йоцуш керахь герз а доцуш тапча цуьнца кхо патарма боцург цу вагончохь еха хан яккхира цо.

Наггахь шин динахь цхьаозза т1е мала хи, кхалла х1ума а кхочура цунна. Ишта еха  4 я 5 бут а баьккхина махкар валар шега массара а дехча хан яккха ара вала сацам хилира цуьнна. Махках а ваьлла Гуьржи махка кхечира иза амма мостаг1чунна сиха хиира и тенгахь ву Гуьржи 1едале схьа воьхура цара иза, цигара д1а вала а дезна цигара а дехьа ваьллера Рашид. Аренца яккхина хан нахам са ду1уш йоккху, маьрзаниг юуш йоккху.

Рашидам шена ц1а ваха кечамаш беш, арахь болх беш моттуху нахан т1аьхь юккъера г1улкхаш т1аьхь яккхира и хан. Цхьан денна а СА ца тоьра Рашида ша арахь волчу ханна, дукха наха дехарш а дора цуьнга ц1а ма г1ертахьара арахь хьо оьшура бохуш амма дог ц1ахь лаьтташ волу, и харцо яржаш гуш волу Рашидана уьш ца хезара.

Аллах1 гуш ву цо хан муха яккхинаъ цо иза эрна ца яккхинай а аренца, шена уллера нах цо муха лелош хилла а гуш ду АЛЛАХ1ана цо цера мел ларам беш хилла и мел воьвз чуьнна а хаьа. Ша арахь а волуш ше тоба ч1аг1 еш царна ц1ахь болчарах ахчанца кхи йолу оьшучу х1уманца г1о а деш царна мелла а сихха т1е кхача а г1ерташ йоккхура цо хан, Дэьла 1ожалца кхелхаш ц1ера вежари а жим лущ д1а бовлура Рашида, тахан кхана наькъ нислур болуш бу ц1а ваха бохуш х1ара а 1ара са туьссуш.

Кхи некъахь г1улкх а хир дац, хьожуш 1ича хьалха долуш х1уммаъ дац аьлла ша шена некъ а лехна ц1а ваха кхоллам хилира цуьна, ша лоьхуш велахь а ц1а кхочи хууш дацахь а Дала т1е болх биллар ше ч1ог1а хиларна ц1ехьа вирзира иза. Дела къинхетам хьалха а баьлла ше ц1ена лай шена т1е болх билларца ч1ога а хиларна Дала до1анна жоп луш юха Нохчийчу кхачира иза 2008 шарахь Октаьбрь баттахь.

Ц1а кхачарца дерриг х1ума ше метта нис деллера Рашида, хьанни йисте велира иза г1алахь ца соцуш, герз а дацара цуьнгахь тапчанаш йоцурш, и дацара аьлла ца 1аш ц1а а веанера иза.  Ницкъаш вовшех тухуш герз хьа даккха т1е латар кеч деш вара иза, амма Аллах1а шена доьхьала ва хан бил галл яккхина хиллера Рашида.

Хьаннашкахь йоккхучу ханна воьвзира иза муха къонах хилла, цо шеен муджах1идаш муха лела бо хьалха хилла чулла ц1ена дика адам хилойла а дац аьлла хетара, амма х1инца цо лелош дерг гича ша хьалха хилла чулла эзарз дика а к1еда а вара иза кхузахь. Доьххьара хьаннашка хьала ваьлла чу динахь 1а меттиг кеч а йина т1аккха оцу меттехь сакъоьруш мунепикъаш хуьла аьлла уьш лоьхура цо шеца цхьаъ вуьгуш воьди, лехарх кара ца бира. Аллах1 гуш ву шадерг а, и муха хилла, и мел ц1ена хилла а.

27-чу октаьбрехь г1ала чу ваха дага деана шен хьалха лера з1аьнашца герз каро аьтто ба воллура иза, суьйранна г1ала чу вахча шеца муджах1идаш а болуш, т1е вахана меттехь машенахь саца а сецна, шайна везаш волу стаг кхайкха стаг а вахайтина машен чохь 1ара иза. и вахнарг юха вале Аллах1а шена доьхьал вига яздина хиллера Рашидана. Мунепикъаш тешна бехк а бина т1ехьашхула инзаре герзаш детта долайра цунна, керахь тапча бай х1умма а йоцу Рашид етта тапча а хаа лора оцу герзана юккъах.

Хьоькху мохь а дагара ца болу, юкъ  1ада а еш герзаш диц а деш мохь беттара цо, «ЛА ИЛАХ1А ИЛЛЬ АЛЛАХ1», бохуш, и мохь беттачара сецча детта герзаш совцайра и кхелхина моьттинера царна. Рашида мохь туьхира: «Я АЛЛАХ1 ХАЗА ДУКХ ХЬАН СОВГ1АТ», - аьлла, таккха юха а Шах1адат а далош Рашид кхелхира.

АЛЛАХ1ан доьхьал дахара АЛЛАХ1а лом, парг1ат велира иза дуьнена баланах. Доьхьал вахара иза ша са тиссинчу АЛЛАХ1ана! Оц везчу АЛЛАХ1а Г1азот къобал дойла цуьнна! Буьрса а майра а иман а долуш нисо еш а волуш амир вара Рашид, тоьшалла до аса АЛЛАХ1 теш а лоцуш цо харцонаш лелайна яц, я х1уммаъ ше муджах1идашна эшайтина яц. Хьоьстуш кхиош 1амош лелайна бу цо уьш!

И кхалхарца да а нана а д1а даьлча санна  биссина уьш, цунах хьега а хьоьгуш цуьнца хила а лууш биссина уьш, и АЛЛАХ1а доьхьа веза а везаш лара а лоруш биссина уьш! Рашид кхелхаш цуьнца кхелхина шиъ муджах1ид, Имам а 1ела а! Дала декъал и шиъ а войла шай амирана тешаме а мут1ахь а хилла кхелхина ишиъ! АЛЛАХ1а

Ялсманех баккхай бойла уьш! Уьш кхелхина ц1а кхачча 7-чу буьсанна Рашид воцчуьнгахь герз хилла а дац цаьргахь. Аллах1а и Рашид санна муджах1идаш ма эша бойла вайна!

Дуненахь хаза хилла хьо х1ай Рашид Кхелхича а ишта хаза ву хьо! Хевшина 1аш а долуш къамелаца элира Рашида: «Пайхмара хьадис ду С.1.В. Шах1иди 3 дарж ду аьлла. Уггар лакхарниг Аллах1аца ниса а хуьлуш кхелхачу хенахь корта айбина кхера а ца луш кхелхинарг ву аьлла, царех хила хьожар ву со аьлла!»   Д1а кхелхачу 1уьйранна самукъне волуш сама велира Рашид, воьлуш. «Х1у хилла аьлча г1ан гина шена элира цо, Г1енахь ше кхелхина накъост Аслан (Бугор) гина шена кеста цхьана кхетар долуш ду аьлла цо аьлла».

Рашид хьайна луучу кепара кхалхар хьа хилар тоьшалла а до аса, корта айбина кхерар а доцуш хьо Дала дохьал вахана хилар тоьшалла до аса! Дала декъал войла хьо! Дала иман собар лойла хьо волчарна, къонах к1ант кхиорна Дала диканца бекхам а бойла царна! Х1ара яздар бахьана Рашид вовзайтар дацара, и воьвзаш вара вица ца оьшуш. Делахь а цунах лаьцна цхьа долу х1уманаш хаайтар хьамма, яздина ду. Хила кхелхина муджах1ид вай махкахь, ерриге Кавказехь а, вай бух диссинчарна некъ гойту цара и некъ лело а беза вай. Цера вайна чохь са мел ду си да а деза вай!

*   *   *

Газотехь кхелхина сий долу к1енти
Дела дош айдарна синош д1а дела
Ислам дин лар а деш даг1маш ца кхоош
Аллахан кхайкхаме ладоьг1на к1енти.

Дуьнена самукъа букъ техьа тоттуш
Халонаш собуре шаьш лайна к1енти
г1иллакхаш хазаниш шайгара гойтуш
Мухьаммад умматах майра и к1енти.

Нохчийчоь сий лардеш лелла ма хила
Хила а мостаг1ца летта и к1енти
Толамца юх боьрзуш даимна хила
Букъ тохар ца девзаш кхерар а доцуш

Валаран кхерамна йоьхь доьхьал боьлуш
Цу Дела ни1мате д1а бахна к1енти.
Асхьабин г1иллакхаш шайгара гойтуш
Шаьш вовшех хиларна баккхай беш хила

Шай кхалхар цхьан хилар сатуьссуш хила
Вовшех шу х1ора а лар веш а хилла.
Адам хьо АЛЛАХан муьт1ахь ма хила
Кериста мунепикъ 1адош ахь хилла

Иманех даимна вуьзна хьо хила
Хьай дег1 а г1азотан кеч дина хилла.
Салман ша забаре ца вухуш хила
Дела дош даггара лоруш ма хилла

Эсала самукъне вежаршца хила
Дуьне а 1fлам а дош хеташ воцуш.
Хасу хьан г1азотан некъ беха хила
Къар ца луш чекх ваьлла хьан кхалхар хилла


Жималлехь г1азоте г1аьттина хила
Цуьнна чам хиина и дезаш хилла.
Тешна бехк бина шун кхалхар ма хила
И кхалхар до1анца шун цхьана хилла


Шек доцуш кхалхар аш т1е лаьцна хила
Дуьненал Ялсмане езаш ма хилла.
Шу г1азот АЛЛАХа ша къобул дойла
Ялсмане х1усаман дай шух а дойла


Лулахой Фирдосехь Аллах1а дойла
Дуьненахь санна шу цхьан лелар лойла.
Шу кхелхаш ц1и 1енна и 1аьржа латта
Вай Дала сий дина цу лаьтта хилла

Шах1иди ц1ий хуьдин х1ай 1аьржа латта
Даларкха тхан а сий хьа санна хилла!

ИСЛАМ


© Kavkazcenter.com 2020