Iабдул-Хьаьлим

Дог Iабац хьо вожо лиинчух,

Майралло дардина лом!

Хьайн махка гIелалла еъча,

Имано гIаттийна лом!

Хьан къамел КъурIанца дацара?

Хьан лелар Суннатехь дацара?

Ахь лехнарг Делан некъ бацара?

Хьо тоьлла, хIай мехкан лом!

Хьан вожар билгало яцара,

АллахIан цIе цIийца язъелча?

Асхьабийчух тера дацара

Хьан кхалхар, хIай Делан лом?

Iабдул-Хьаьлим хьан цIе яцара,

Азаллехь хьо кхуллуш яьккхина?

ГIазотан байракх хьо яцара,

Дуьненна масал дIалуш?

Байт язйинарг вевзаш вац.

Сурт диллинарг - Nefertiti.

Бух - «Тептар»