Хьаша а Лай а

                                           1.

Хьайн чуьра ара ваьлча,юьртан хьаша ву хьо Юьртара ара ваьлча,Мехкан хьаша хуьлу хьох Махкалла ара ваьлча,Дуьненан хьаша ву хьо Маьждиг чоьхьа ваьлча,Делан хьаша хуьлу хьох.

                                          2.

Хьешан дахар Оьзда лаьттина, иэхь а долуш Хьешан Г1иллакх лаккхара ду, хастам болуш Лаам хьаьшна,дезар сацуо,кхачам болуш Хьешан декхар, шен дег1аца декхна волуш.

                                        3.

Хьайн чуьра серло,юьртанна ахь д1а ца еллехь Юьртан серло,Махканна ахь д1а ца еллехь Мехкан серло, кху Дуьненна д1а ца еллехь Делан серло йайъинчарех хьо ма хилалахь.

                                        4.

Муъмин хилла,хьешан дахар атта-м даций

И Дуьненан 1илманчаша а баьхна ду хьуна

Шен доьзалан,шен юьртан а, шен Мехкан Сий Лоруш воцург,лардеш воцург,Къонах вац хьуна.

                                      5.

Бохуш чахчуош вайн Наноша, кхиийна децара?    

Яхь д1а ца луш, доьналлехь вайн Сий  ларделаш!

Тиэшам,ларам, Оьздангаллехь пусар делаш

Вай 1аморца  Дайша тусуш, кхиийна децара?

                                    6.

Т1алам боцург,бала боцург дац-кха лаьтташ Хьоьгара доьжча осала дерг, Адам кхаьрдаш И Дуьненчохь сихха даьржа,вайн Юьхь йойъуш Кхиэтам болу, т1алам оьша, вайн Сий ойъуш.

                                        7.

Хьаша веза а, бехкиэ хилар Дала  боху (с.в.т.) Г1иллакх тодан ша ваийтина, цуьнца  аьлла Хьешан ларам Сийлахь хилар,Элчануо боху Хьарам-хьанал,бакъуо-харцуо,биргал яьлла

                                       8.

Хьешан декхар лардарехь,Ша къастам бина

Кху Дуьненах шу чекхдовлалаш, хьеший хилла

Иэхьца- Юхьца Г1иллакхашца,дахар нисдина Х1ара ВЕСЕТАШ вайга дитна, Элча ваьлла.(с.1.с)

                                      9.

Иман,Эхь-Бехк,хьешан диэкхар шаьш д1атеснарш Г1иллакх,тешам цу доьналлех, шаьш  д1ахеддарш Баьстина ц1оьвнах, шайн Зударий ва д1ахецнарш Гуттар лаьттина, вайн кхетамехь , уосала Лайш

                                       10.

Массуо а хенахь, Лаьшна дезарг шиъ бен ма дац Хьалха лаьттарг шен гай дузор,хьайбана лаам Уьш Махканна а йа Халкъанна пайден  ма бац Шолг1а дерг ду,бехкиэ меттан шах1ват безам.

                                     11.

 И Лаьш хецна битна ма бац,вай Маьрша долуш Йа урхаллийн коьрте уллиэ, уьш ца битна баха Шайн синошкахь, ямартлуонан,къизалла кхобаш Шаьш хиларца,уьш гураш чохь латтийна Наха.

                                     12.

Уьш шайн хенахь вай т1елаьцна, хьеший а бина Нохчашкара цу Маршоне,сатиссарца т1еихнарш Къестош боцуш,кхерч-ц1а делла,  лулахуой бина Лоллех веддарг,1азап хьоьгурш,Са дадийнарш.

                                     13.

Церан т1аьхье талламашца, хьет1е ховшийна.

 Цу муьжгичо Делан мостаг1, тахана вайна Церан къизаллуо,ямартлонуо вай цецдаьхна Цара дуохоза емалдаза, г1улкх ца дитна .

                                    14.

Цара Воккха-Стаг,сийсазварца юьхь а йоху Иэхь-бехказа,Далла гергахь кхерам боцуш Муьлхха йо1-зуда д1а а юьгий, доьза йойъу Буохам, бала,Наханнат1ехь маьрса бохуш.

                                     15.

Денуо-денуо дуохош лаьтта, Дайн Г1иллакхаш Х1оран сохьтехь хьошуш лаьтта, вайн Ненан мотт Б1аьрг мел кхетчахь шеллуш дог1у доттаг1алла Лайн марш баьтт1а,стигал етташ шайт1ана топ.

                                    16.

Баккхий Къануой,Мехкан-Хазна,вахьа та1ийна Яхь йолу К1ентий, Мехкан-г1ортор, вайн г1елйина Эхь долу Мехкарий,Мехкан серло,цара кхолийна Иэккхар долуш Нохчийн къам ду,собарехь тийна

                                   17.

Тиэшам болуш бакъонца верг,нилха ваьккхина Метнаш детташ и тиэкхаргаш маьрса евлла Хьарам-хьанал къестош боцуш хьериэ хилла Кху Дуьненца саьхьаралла, къуьссуш тилла.

                                     18.

Вошалла а дац, Г1аллакх доцу цу зуламхойн Хьаша а ма вац, йа Дин а дац,суом ца даг1ахь Кху Дуьненна б1арзъеллачу саьхьар к1иллойн Къомах хиэдда,куотта евлла Лаьш шайн дагахь.

                                     19.

Герзех йоьттина,Махкахь кхерста муьжгийн Лайн ког Вайн Сий хьоьшуш, кху Дуьненан халкъаш кхардош Маццалц-мелла, лаьтто ловр ю х1ара хардангаш?

Нехан не1алт кхарех хьерчаш, маца 1ебар дог?

                                    20.

Кхеран чаккхиэ мичахь хир ю, вай тешаш  ма ду Маьлхан дийнахь стогарш лиэтош х1орш лоьхур ю Цхьаерш йовдуш муьжгашнат1е хьолхур ма ю Доза нисдеш Идал хит1ехь,х1орш хьокхур ю(Инша-Аллах1)

                                   21.

Мичахь ю тиэ, Нохчийн къоман  Маьрша майда?

Мел генахь ду тиэ вай сатуьссу и ирсан Де?

Вайн дог хьостуш,вайн ч1ир оьцу, динан Бериэ!

Маца вер ву тиэ, къоман Баьчча беркатиэ Да?

                                  22.

Мотт хаарах йа бийцарах, Нахах  вац цхьа а Йа паспорт1ехь йазварах хуьлуш ма вац Нохчо Даймахканна хьанал воцург, хилла вац цкъа а Дешех дина,цуьнан хиларах лахьтанна  марчо.

                                   23.

Наха херйарца шайх къастийна, и Лаьш бакъ ду 1уьт1а а харданг, Оьзда воцург,1онта Лай ву Г1иллакх,тиэшам,Эхь-бехк,ларам Нехан дукъ ду Нехан дукъца вехаш вериг, Къоман во1 ву.

 Б1олтин Лом-1али.. 21.04.12 шо: Оханан бутт.(Вайн вешина Д.Джовхарна лерина)